Добавить новость
Главные новости Борисполя
Борисполь
Март
2018

Росгвардина тIелатар дарна шеконашкахь латточу нохчочо Украине тхвокIело йоьху

0
Росгвардина тIелатар дина аьлла, шеконашкахь латточу 25 шо долчу Бакаев Iелас Украинан миграцин хьукмате политикан тховкIело йоьхуш, дехар дина. "Кавказ.Реалиига" цунах лаьцна хаам кхачийна, Киеверчу Лукьяновскан СИЗО-хь латточу Бакаевс.


Цо бахарехь, дехар деш кехат талламан изоляторе дIакхачийна Бакаевс. ДIахьедар шайга дIакхачарх хаам беш дуьхьал жоп а деана шена аьлла цо.


Бакаевн гIуллакх дIадахьар шена тIелаьцна ООН-ан мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхаллан "Iалашван бакъо" цIе йолчу партнеро-организацис.


Нохчийчуьрчу Росгвардин тIеман декъанна тIелатар дарна бехкево Бакаев Iела Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша.


Стохка дуьйнна Каирехь ваьхна,  Киевн "Борисполь" аэропорте кхаьчча ши бутт хьалха дIалецира Бакаев. Цуьнан хIусамнана а, бер а дуьхьало а йоцуш Украине чудитира.


Ноьвр кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера стохка бIаьста. Полисхоша бахарехь, Нохчийчуьрчу 6 вахархочо динера и зулам. Росгвардин 6 эскархо вийнера хIетахь, кханна кеп-кепара чевнаш йира.


Иштта, официалан версица, тIелатар дина ялххе а вийнера.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса