Добавить новость
ru24.net

World News in Chechen

Новости от Russia24.pro

Russia24.pro Каталог
Апрель
2026
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15 16 17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28
29
30

Все новости

Доьзалехь шена тIехь ницкъ латторах йеддачу Хизриева Ӏайшатан аьтто баьлла Оьрсийчуьра дӀайаха

Radiomarsho.com 

Доьзалехь баланехь латтош йара ша аьлла, цIера йедда Нохчийчуьра 21 шо долу Хизриева Ӏайшат Оьрсийчуьра дӀайахана, хаам бо SK SOS кризисан тобано. Новосибирскехь ша лаьцна аьлла, массо а агIор даржийначарна баркалла а олуш, видеохаам дӀайазбина цо, хӀинца ша маьрша йу аьлла. Цул а масех де хьалха Нохчийчуьра йедда Хизриева, кеманца Новосибирске кхечира шен доттагӀий болчу. The Insider газето йаздира, иза йедда, йетташ, тIехь ницкъбеш, ша доьзалехь хьийзорна. Цо дийцарехь, аэропортера схьайогIучу... Читать дальше...

Беа баттахь Астанара аэропортехь латтийначу Муртазов Зелимханан Эрмалойчу дIаваха аьтто хилла

Radiomarsho.com 

Беа баттахь гергга Астанара аэропортан транзитан зонехь латтийначу Нохчийчуьра вахархочун Муртазов Зеламханан аьтто бели Эрмалойчу дIаваха. Оьрсийчохь иза лаца тарлора тIеман декхарш кхочуш ца дарна, йа бертаза тIамтIе вахийта тарлора. Зеламханан вашас Турпала бахарехь, охан-беттан 20-чохь Казахстанера дIаваха таро хилира цуьнан, Астанана а, Ереванна а йукъахь кеманаш дIасалела дуьйладеллачу хьахарчу дийнахь. Эрмалойчу кхаьчначул тIаьхьа дозанхоша латтийнера иза масех сахьтехь хеттарш а деш, цул тIаьхьа чу витина шайн пачхьалкхе. Читать дальше...

Цхьана шарчохь коррупцица лелийначу зуламех миллиард соьмана зенаш дина ГIалгIайчохь

Radiomarsho.com 

Стохка ГӀалгӀайчохь экономикан а, коррупцин а зуламаш лелийна 250 сов гIуллакх къаьстина. Динчу зенийн барам бу миллиард гергга сом. И статистика йовзийтина республикан чоьхьарчу гӀуллакхийн министро Котов Владимира Халкъан гуламна хьалха ша динчу къамелехь, йаздо "Фортанга" агенталло. Пачхьалкхан декъехь къастийначу зуламан терахь кхоалгӀачу декъанна гергга алсамдаьлла 2024-чу шарца дуьстича. И зераш чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан балхах бен хьакхалуш дац. "Фортанго" билгалдаккхарехь, ГIалгIачйчуьра лаккхарчу даржашкахь болу хьаькамаш а... Читать дальше...

Литвахь 21 шарахь ваьхначу нохчочунна Оьрсийчоьне дIавала кхерам лаьтта

Radiomarsho.com 

Литвахь вехачу Нохчийчуьра вахархочунна кхерам лаьтта Оьрсийчу дIавала. Иза лаьцна, пачхьалкхехь ваха луш долчу кехатан хан кхиндIа а йахйан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина тIевеъча. Цунах лаьцна тхан редакцига дийцина бакъоларйархочо, Ичкерин арахьарчу Iедалан векало Дунаева Розас. Лаьцначун цIе Беслан йу, фамили къайлайаьхьна. Дунаевас дийцарехь, бакъо а йолуш, иза Литвахь веха 21 шо ду, Литван бахархойн бакъо йолуш ду цуьнан бераш. Иза стенна лаьцна ву, цкъачунна хууш дац. "Нохчашна, къаьсттина... Читать дальше...

Цхьана беттачохь шолгIа совгIат дина Кадыровна – цементан индустри кхиорехь "къаьстина дакъа лацарна"

Radiomarsho.com 

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна керла совгIат делла - "Оьрсийчохь цементан индустри кхиорехь къаьстина дакъа лацарна" аьлла, I -чу тIегIан орден. Нохчийн урхалхочуьнга совгIат дIаделла цемент йечийн Йукъараллан директоро Мартынкина Дарья. Кадыровн керлачу совгIатах лаьцна хаамбина охан-беттан 14-чохь шен телеграм-каналехь Кадыровс. Публикацихь чIагIдарехь, Мартынкинаца цхьанакхетаран коьрта Iалашо йара «Чеченцемент» компанина модернизаци йан кечйина проект йийцарейар а, цуьнан болх а... Читать дальше...

Дагестанан лаьмнашкахь доккха ло догIу; хьаьтт чухахкайелла, леш ду дийнаташ

Radiomarsho.com 

Дагестанера ЦIунтан кIоштахь хьаьтт чухахкайеллачул тIаьхьа лай бухахь дисина зуда а, бер а. Зазадокху-бутт бовш дуьйна махкахь догIанаша лаьтташ ду. ШайтIли йуьртахь хьаьтт чухахкайелира охан-беттан 13-чу дийнахь. Прокуратуро дIахьедина талламаш болийна шаьш аьлла. Бохам хиллачу меттигехь дIайазйинчу видео тIехь гуш йу йоьхна гIишлош, гIо дан орцахбевлла меттигера бахархой а. Цкъачунна аьтто ца баьлла орцан министраллан беракема гIаттон. Ло бахьанехь хIаллакхуьлуш ду хьайбанаш; КIулинан кIоштахь 170 бежана делла... Читать дальше...

Баймурадова Iайшат йерна бехке хета нах лаца кхайкхийна Оьрсийчохь

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайта тIехь Байсаров Сайд-Хьамзат а, Иминова Карина а лоьхуш ду аьлла, карточкашца хаам хIоттийна. Нохчийчуьра йедда Эрмалойчу дIайахна хилла Баймурадова Iайшат йерна цу шиннах шеконаш йу. Бехкзуламан артиклаца ший а лоьхуш ду, ткъа Иминова билгалйаьккхина доь доцуш йайна йу аьлла. Хетарехь шен гергарчу наха а цхьана иза лоьхуш йолчух тера ду. Иминован карточкаш тIехь чоьхьарчу гIуллакхийн министралло шина къоман векал санна билгалйаьккхина иза, ткъа Байсаровх лаьцна хаамаш банне а бац... Читать дальше...

ВорхI стаг велла, зенаш хилла 50 эзарна. Дагестанехь хи тIедаларан бахьанаш а, тIаьхьало а

Radiomarsho.com 

Цхьана кIиранчохь шолгIа а даккхий догIанаш даьхкина хи тIедаьллера Дагестанехь. Мел лахара а ворхI стаг велла, зенаш хилларш бу 50 эзар сов. Хи тIедаьлча нисбеллачу токхамаша хIаллакдина бIенашкахь цIенош а, некъаш а, охьадогIу хи бехделлера, иттаннашкахь эзарнаш нах бисира ток йоцуш. Меттигерчу Iедалхоша чIагIонаш йо, хьал шайн тергонехь латтош ду шаьш бохуш, ткъа хиллачунна бехкебо бен-башха доцуш гIишлош йина нах а, и гIишлош хьалайан царна бакъо йелла хьаькамаш а. Ткъа хIун аьлла хета цунах лаьцна шайна... Читать дальше...

Германера нохчийн политик кадыровхойх веттало

Radiomarsho.com 

Масийтаза кадыровхошна йукъахь хаавелла "Германина альтернатива" партин декъашхо Дадаев Мурад Нохчийчу веана. Меттигерчу парламентан кхеташонехь дакъалецира цо, цхьанакхийтира вице-премьерца а, Кадыровн цIарах йолчу лерринчу полкан командирца а. Ишта масех видео дIайазйина цо герз а карахь.

ХIирийчуьра йахархо Москвахь дуьхьалйуьйлу | КЕРЛАНАШ

Radiomarsho.com 

ВорхI шо а ду шен вешина йиттинчу полисхошна таIзар дайта хьийза Моздокера йахархо. Йуьхьанца ХIирийчохь пикеташка йуьйлура Мельниченко Юлия, тIаккха- Москвахь, Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратурина хьалха.


Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса