Добавить новость
ru24.net
World News
Декабрь
2017

Москохарчу студенте гечдар дехийтина кегийрхой дIабаьхна университетера

0
Камерана хьалха етта а етташ, бусулбанаш хьайна къинтIера баха бохуш, Князев Алексейна ницкъбинарш шаьш доьшучу Москохарчу РАНХиГС университетера дIабаьхна. "Двач" порталан Telegram-каналехь зорбане йиллина студенташ дIабахаран омран копи.


Оцу документца а догIуш, шолгIачу курсехь доьшуш хилла Кодзоев Мурат а, хьалхарчу курсера Ракитин Петр а, Новосильцев Николай а, Саркисян Георгий а, Хамхоев Рашид а доьшийлера мукъаваьккхина..


Кавказера мехкаршна хIунда ца мега оьрсийн кегийчу нахаца гергарлонаш лело аьллачу хатарна гонах социалан машанехь иккхинчу девнехь, Князев Алексейс, хIора стеган бакъо ю шен дахар шена луъучу кепехь дIанисдан, адамийн бакъонаш хьеша оьшуш дац аьллера.


Цуьнан жоп цатайначу кавказхоша Москохарчу студентна Князев Алексейна кхерамаш туьйсуш, маьттаза мотт а лебеш, тIедожийна хиллера мехкарий къинтIерабахар.


Цул тIаьхьа, Оьрсийчоьнан президентехула йолчу юьртабахаман Академин студентна масийттазза тоха а тоьхна, гечдар дехийтира.


Академина гена доццучу меттиге иза дIа а вигина, кавказхой къинтIера бахийтина кIанте, дерриг видео тIе дIа а яздеш..


Талламан комитето листа долийнера и гIуллакх.







 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса