Добавить новость
ru24.net
World News
Декабрь
2017

Гуьмсехь тIелатар ца дина, паспорташка хьовсуш раж хилла

0
"Новая газетан" 20 хьостано а, Гуьмсехь Горькийн урамехь вехачу 17 вахархочо а бакъ ца йина, Гуьмсехь 400 эскархочо ЯмадаевгIеран хIусамашна тIелатар дина аьлла,  "Росбалт" агенталло Iораяьккхина информаци.


Газетан хьосто тIечIагIйина Кадыров Рамзанан пресс-секретаран, цу кIоштахь паспорташ толлуш полисхой бара боху информаци.


Хила тарло полисхоша лоьхуш волу Ямадаев Iийса, байинчу вежарийн ЯмадаевгIеран Сулиман а, Русланан а ваша, Кадыровн чIирхо Гуьмсехь гучуваьлла боху хаам зен арабевлла хилла а полисхой.


Ницкъаллийн структурийн белхахоша Гуьмсехь нах лецна аьлла информаци яц "Новая газетан".


Гуьмсехь хьал маьрша ду аьлла дIахьединера мехкан куьйгалхочун пресс-секретара Керимов Iалвис, дуьйцу "Интерфаксо" а.


Техника тIе а оьзна, спецопераци дIаяьхьна бохург бакъ дац.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса