Добавить новость
ru24.net
World News
Декабрь
2017

Оьрсийчоьнан хIорда бухула лелачу флото жигаралла гайтарна саготта ю НАТО

0
НАТО-н куьйгалхоша шаьш саготта хилар хаийтина, хIорда бухула лелачу Оьрсийчоьнан флото, "шийла тIом" дIабирзинчул тIаьхьа ца хиллачу кепара, Атлантикехь а, Лаьттаюккъерчу хIорда чохь а жигаралла гойтуш хиларна.


НАТО-н инарлин секретаро Столтенберг Йенса кIирандийнахь немцойн жрналистана хаам бина, 2014-чу шарахь дуьйна Оьрсийчоьнан тIеман хIордан ницкъаш хаъала чIагIбина, хIорда бухула лела 13 керла кема а дина.


Шен агIор НАТО-н тIеман хIорда бухула лелачу ницкъийн буьйранчо вице-адмирало Леннон Эндрюс, Iамеркерчу The Hill зорбанан гIирсана интервью луш, хаам бина, "Оьрсийчоьнан хIорда бухула лелачу кеманаша тIаьхьарчу 10 шарахь хиллачул а алсамдаьккхина хIордашкахула дIасалелар. Адмирало Леннона дийцарехь, уьш хIинца дукха улле догIу Цхьаьнатоьхначу Штатийн бердашна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса