Добавить новость
ru24.net
World News
Апрель
2018

Шемара гIаттамхой арабовлуш бу кхин а цхьана кIоштара

0
Шемара гIаттамхой дIабаха кийча бу, масийтта шарахь шайн карахь хиллачу Димашкана гергарчу кIоштара. ТIедогIуш Шеман Iедална муьтIахь долу эскар а долуш, Малхбалерч Каламунехь йолчу масийтта гIалара шайн доьзалшца цхьаьна арабовла реза хилла оппозицин тIеман тобанийн декъашхой.


Шеман къилбаседехь йолу и территори дIалоцур ю президентана Асад Башарна мутIахь болчу тIеман ницкъаша. Цу хьокъехь барт хилла шина агIонан, юкъарло лелош Оьрсийчоь а йолуш.


ГIаттамхой Малхбалерчу Каламунера дIабаханчул тIаьхьа, церан Iуналлехь юьсур ю ХIомс провинцехь йолу анклав а, ткъа иштта Шеман къилбаседехь а, къилбехь а, къилбаседа-малхбалехь а дозанца йолу терроритореш а.


Цу махкахь тоIм болабелчхьана дуьххьара юккъера Шема ерриг а хир ю Асадан режиман куьйгакIеллахь.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса