Соьлжа-ГIалахь тоьках декхарш гулдеш бу
"Рейдаш дIаяьхьначу цхьана дийнахь 300 эзар сом декхарш гулдина оха. 80 эзар гергга тоьках ахча тIехьарчийначу шинан хIусамера серло дIахадийна шаьш цара декхар схьадаллалц. Кхи дIа а ахча схьагулдеш, белхаш дIахьур бу оха", - аьлла, дийцина "Чеченэнерго" компанин векало "Кавказан узел" агенталле.
Цо дийцарехь, Соьлжа-гIалахь хIинца а тоьках гулдан дезарг 25 миллион сом сов ду.
