Чатаев Ахьмад Гуьржийчохь а, Туркойчохь а теракташ дан лерина хилла
Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллан хьукмато масех бутт хьалха дIахьедора, Чатаев Ахьмадан Монахан Габриелан проспектерчу петарехь гулйинчу материалашкахь а кеп-кепара аудиош яра аьлла.
Чатаев Ахьмад а, цуьнан декъахой а Гуьржийчохь а, Туркойчохь а теракташ дан Iалашо йолуш хиларан тоьшаллаш ду цу йозанашкахь а.
