Добавить новость
ru24.net
World News
Август
2018

ЭрдохIан: Туркойчоьно къоман валютехь мах бан болор бу Оьрсийчоьнца а,  Китайца а, Украиница а

0
Туркойчоьно къоман валютехь мах бан болор бу Оьрсийчоьнца а, Китайца а, Украиница а, дIахьедар дина цу пачхьалкхан президенто ЭрдохIан Реджепа. Iаьржачу хIордаца Iуьллучу Ризехь шен партин декъашхошца хиллачу цхьаьнакхетарехь, ЭрдохIана элира Iамеркан долларо Iаткъам барна кIелхьарйовла луучу Европерчу пачхьалкхашца а оцу кепехь мах лело кийча ю Туркойчоь аьлла.


Кхушара туркойн лира дайделла 40 процентана. Цуьнан курс охьаялар доьзна ду Тукойчоьно духкучу болатна а, алюминийна а Iамерко кхайкхийна ял ялар шозза алсамдаккхарца.



Вашингтонан а, Хонкъаран а юкъаметтигаш йоьхна Iамеркера пастор Брансон Эндрю лацарца дов эккхарна.


Брансон Туркойчохь веха 20 сов шо ду. 2016-чу шарахь иза лецира полицино, махкахь Iедал карчо гIортарца доьзна гIуллакх толлуш. Нагахь пастор бехке ларахь, иза чувуллур ву, 35 шо хан а тоьхна.


Вашингтон шен махкахо цIаверзо гIерташ ю.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса