Добавить новость
ru24.net
World News
Август
2018

"ХIарли-Дэвидсонан" сурсаташна бойкот ян дагахь болчарна тIехIоьттина Трамп

0
Iамеркан президент Трамп Доналд тIехIоьттина шен заводаш кхечу пачхьалкхе дехьа яха дагахь йолчу "ХIарли-Дэвидсон" компанин сурсаташна бойкот ян дагахь болчу шайн махкахошна.


Висконсин штатехь куп тоьхна йолчу "ХIарли - Дэвидсон" компанин векалша хьалхо дIахьедар динера, Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхашкахь йохка мотоциклш яр Iамеркера кхечу пачхьалкхашкахь йолчу заводашка дехьадаккха дагахь ду шаьш аьлла. Цу гIулчан Iалашо ю Iамерко оьцучу болатна а, алюминийна а ял яккхар юкъадаккхарна дуьхьал Евроберто кхайкхийначу ял яларна кIелхьаhдовла гIортар.


Компанино бинчу хамца, Iамеркера заводаш дехьа ца яхахь царна эшам хир бу 100 миллион гергга доллар.


Трампана хетарехь, ял яла дезаш хилар бахьана бен дац. Цо чIагIдарехь, и тарифаш юкъаяхале дуьйна яра компани шен заводийн цхьадолу дакъош Таиланде дехьа даха дагахь.  


Трампа дийцарехь, цуьнан администраци дийцарш дIахьош ю, шайн заводаш Iамерке сехьа яха лаам болчу кхечу пачхьалкхашкарчу мотоциклш ечу компанешца.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса