Хашогги вийна хиларан тоьшаллин аудиош Iамерке дIакхачийна Туркойчоьно
Хашогги вийначу Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан консулаллехь динчу къамелийн аудиош хилар бакъдина Туркойчоьно.
И аудиош хиларх хьалхо хаамийн гIирсашкахь а дуьйцура.
СаIуда Iаьрбийчоьно юьхьанца тIе ца дуьутура журналист вийна хилар, амма тIаьхьо мукIарло дира.
СаIудахойн Iедалан официалан версица, журналист лакхара омра дина вийна вац, зуламхоша шайн инициативаца вийна ву.