Добавить новость
ru24.net
World News
Ноябрь
2018

Полисхоша кIентий байина дай Тбилисехь митинге арабевлла юха

0
Стохка полисхоша дIахьочу леринчу операцехь вийначу ПIаьнказарчу 19 шо долчу вахархочун да Мачаликашвили Малхаз Руставелин цIарахчу проспекте веана Саралидзе Зазана а, кхиболчу протестхошна а тIехIотта.

"Рустави 2" телеканалан эифрехь Мачаликашвилис дIахьедира, шена телевизионехь гира Саралидзе Заза а, цуьнан нана а дарбан цIийне охьадуьллуш, тIаккха лаам хилира шен митинге ван аьлла.


"Тхайн маршо Iалашйийр ю оха" аьллачу акцин Iалашо ю, митинг вовшахтоьхначара дийцарехь, кIентийн байинчу дайшна гIо лацар. Эфирехь Мачаликашвилис юха а кхайкхамбира Iедалхошка шен а, Саралидзе Зазин а кIентий байинчарна таIзар даре.


Хьалхо акцехь полисхошна а, дуьхьалончашна а юкъахь тасадаларш хиллера. Парламентна хьалха четарш ца тохийтинера полисхоша гулбеллачаьрга. Оцу юкъахь вон хилла Саралидзе Заза а, цуьнан нана а дарбан хIусаме дIабигинера.


ТIаьхьо аьтто белира протестхойн кхо четар хIотто а. Акци дIахьош ю карарчу хенахь а.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Вероника Кудерметова разгромно проиграла Белинде Бенчич во втором круге турнира WTA-500






Ломаем мигрантов-​нелегалов об колено

Искусство, наполненное энергией: в «Столичной галерее художников» пройдет эксклюзивная выставка Елены Карловой

Февральская коллекция обуви Pródan

«Ростех»: Москва предложила Индии наладить совместное производство истребителей