Некъан низамаш талхочарна луьра таIзарш дан деза аьлла Кадыровс
Шинарийдийнахь кхеташо дIаяьхьира республикан урхалхочо некъан низамаш лардан дезарх а, адамаш гулделлачохь цIеяларан кхерамзалла лакхаяккхарх а дуьйцуш. Парламентан спикер Даудов Мохьмад а, вице-премьер Тумхаджиев Iийса а, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев Якъуб а, некъан полицин урхалхо Черхигов Идрис а вара куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь.
"Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу хьолаца дуьстича, вайн некъаш тIехь кхерамзалла лаккхара ю",- аьлла Даудовс.
Некъан низамаш, бакъонаш хьоьшучарна дуьхьал луьра таIзарш даха деза аьлла. тIедожийна Кадыровс. Шайн ледарлонна, жоьпазалла тIехь дацарца кхерам бохьу цара адамашна. "Профилактикан болх карлабаккха беза машенашлелорхошца. ХIоранна хаа деза, шена тIехь доккха жоьпалла дуй а, некъа тIехь ша сема хила везий а", - аьллачу Кадыровн дешнаш даладо "Чечня Сегодня" агенталло.