Росгвардина арз дина ГIалгIайчуьрчу студенташа
Хашиевс бахарехь, шайн йолчу бакъонел а тIехбевлла, харцонаш лелийна полисхоша кегийрхошца. Ишта цо чIагIдарехь, лецначарна йиттина билгалонаш а хилла церан догIмаш тIехь. Адвоката дийцарехь, лецначаьрца хиллачу Хашиев Заурна дукха хан йоццуш бIаьргана операци йина хилла, и хуъушехь, полисхоша бетах йиттина цунна.
Маршо Радионо ма-яздарра, цу дийннахь берш дIахецна а хиллера уьш.