Добавить новость
ru24.net
World News
Декабрь
2018

Нохчийн 7 шо долу йоI йийначу кIентан довхатта долийна Венехь

0
Венехь лулара йоI йийна аьлла, бехкевинчу К. Робертан кхелан процесс йолаелла аьлла, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Леринчу полисхойн декъан белхахоша гоне а верзийна, гIагIанца чIагIдина духар а долуш кхеле хIоьттина вара ша кIант. Цунна тIелатар дарна кхоьру Iедалхой.


ВорхI шо долу йоI ша йийна аьлла, тIелаьцна Роберта. Цо ма-дарра охьадийцина, Стигалкъекъа-беттан 11 чохь хиллачух. Цо бахарехь, Хадижат са чохь яцара, лулара Рафаэль цIе йолу кIант хIара волчу хьошалгIа веача. Хиллачух кхетта иза, кхеравеллера.


"Иза метта а валийна, нехаш кхуьйсучу яьшки чу дIадехьира ас йоьIан дакъа. Цул тIаьхьа Рафаэль "Макдоналдсе" вигира ас",- аьлла, дийцина Роберта.


Кхелан психиатр Хофманн Петер а вистхилира суьдехь. Шизофреница ву Роберт, амма ша зулам дечу заманчохь кхетам чохь хилла иза аьлла цо. Йийначу йоьIан доьзало лаьцначу адвокато Руст Николауса аьлла: "Коьрта дац, тахана муьлхачу хьолехь ву бехкевийриг. Коьрта ду, йоI юьйчу дийнахь муха вара иза".


Робертан бехк хилар тIе а чIагIдина, цунна уггар а луьра таIзар хилийта хьовсур ду тхо аьлла адвокато.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса