Добавить новость
ru24.net
World News
Декабрь
2018

Оьрсийчоьнан футболан организацин президент волчуьра дIаваьлла Мутко, Кадыровс шегара бехк баьккхича

0
Оьрсийчоьнан футболан юкъараллан президентан (РФС) дарж охьадиллина Мутко Виталийс. Организацин комитетан кхеташонехь бина и хаам. Керла президент хоржур ву карадогIучу шарахь Чиллан-беттан 22-чохь. ХIетталц президентан декхарш кхочушдийр ду Прядкин Сергейс, дуьйцу Чемпионат.com хьостано.


ГIадужу-баттахь дийца даьккхира Мутко кхи дIа а цу даржехь вуьсур ву бохуш.  2005-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц а, цул тIаьхьа 2015-чу шарера 2017 шеран ГIуран бутт тIекхаччалц вара иза президент.


Социалан машанашкахь видео яьржира, Нохчийчонан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехкбоккхуш Оьрсийчоьнан вице-премьер волчу Мутко Виталийгара. Бахьана дара - Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хIоттийначу бараме иза цавар. 




Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран 200 шо кхачар даздар Оьрсийчоьнан президенто тIечIагIдина дара, вице-премьер Мутко Виталий оргкомитетан куьйгалле а хIоттош. ХIетте а хIоттийначу тойне ца веана ша Мутко аьлла, шен резавацар дIахаийтинера Кадыровс.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Алекс Де Минор

Де Минор стал финалистом турнира в Роттердаме






Авиарейсы задерживаются из-за ночных ограничений в нижегородском аэропорту

Первый председатель Совета Федерации РФ Владимир Шумейко получил орден Почета

Как выгодно и правильно «переобуть» свой автомобиль

Зима еще даже не началась: Роман Вильфанд озвучил, когда в Россию нагрянут сумасшедшие морозы