Дагестанехь вийначу шина кIентан да тешна ву, Путина бехкечарна таIзар дийр ду аьлла
"Суна ца хаьа, оцу журналистна ас муха баркалла ала, цо Путинца хиллачу пресс-конференцехь, сан бераш хьахорна. ХIинца дегайовхо ю сан, Путинера гIо хир ду аьлла", - дийцина "Кавказ.Реалии" портале Гасангусейнов Муртазалис.
Дагестанан пачхьалкхан телерадиокомпанин корреспонденто Еськина Еленас хIора шарахь хIотточу Путинан пресс-конференцехь айдира байинчу ГасангусейновгIарех хаттар.
Шена хезна дацара цунах лаьцна, амма кхи дIа и гIуллакх тергоне а эцна, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна тIедуьллур ду ша аьлла, тIелаьцна Путин Владимира.
2016-чу шеран аьхка дIахьочу леринчу операцехь вийра Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а. ТIемалой бара уьш аьлла, зулам къайладахьа гIоьртира ницкъахой, амма юкъаралла ца тийшира цунах.
