Добавить новость
ru24.net
World News
Январь
2019

Оьрсийчоьнан 3 эскархо вийна Абхазехь

0
Йозуш йоцу пачхьалкх ю ша аьлла дIакхайкхийначу Абхазехь марш еш белла Оьрсийчоьнан эскархой. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо", Къилбан тIеман гонан зорбанан сервисна тIе а тевжаш.


Болчу хаамца, Оьрсийчоьнан эскаран дакъа дIатардинчу метте йоьдучу тIеман техникан коврана юкъара цхьа БТР Iинах яхна. И бахьана долуш, цу чохь хилла 3 эскархо вийна, кхин а 2 чевнаш хилла ву.


ТIеман гонан комиссино толлуш ю коьрта 2 верси - БТР техникан кхачамбацар долуш хилла хилар а, цу чохь хиллачу эскархоша гIалат далийтина хилар а.


Абхази йозуш йоцу пачхьалкх хилар къобул дира Оьрсийчоьно 2008-чу шарахь, Гуьржийчоьнца тIом хиллачул тIаьхьа. ТIаьхьо Оьрсийчоьно барт бира абхазашца шен эскарш цигахь дIахIитто.


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохаллана юкъарчу ерри а аьлча санна пачхьалкхаша къобул деш дац Абхази йозуш йоцу пачхьалкх хилар.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса