ГIалгIайчуьрчу оппозиционеран Хазбиев Мохьмадан адвокташ бу кхеле вало гIерташ республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек. Евкуров эшам хилла лоруш ву Хазбиевн бехктакхаман гIуллакхехула. Амма ялхозза хиллачу суьдан кхеташоне ца веана иза.
"Медиазона" зорбанан гIирсо зорбане даьхна гIалгIайн куьйгалхочо дина цхьадолу тоьшаллаш. Цигахь Евкуровс чIагIдо Хазбиевн видеороликаша шен сий а, ларам а бойуш хилар. Масал санна даладо цо Хазбиевс шех "дебилбек" а, "уркабек" а, "халкъан мостагI" а, "Делан мостагI" а, иштта дIа кхин а аьлла хилар. Читать дальше...