Минскерчу кхело 15 дей-буьйсий даккхийта чувоьллина Свобода Радион журналист
Груздилович Белоруссин гоьваьлла журналист ву, 25 шо ду цо Свобода Радиохь болх бен.
Белоруссин Iедалхоша аккредитаци дIаяьккхина дела, байначу беттан 25-чохь хIоттийначу акцехь хиллера иза шегарчу журналистан документца а, "Народная воля" газетано тIедиллинарг кхочушдархьама а. Карарчу беттан 10-чохь дIалаьцна иза милицино шен цIера, акцехь даьхна иза тIехь волу суьрташ гайтинера цунна.
"Со журналист хиларе терра, и сан болх бу. Бечу балхана тIехула журналисташ жоьпе ийзор суна нийса ца хета,- аьлла цо кхелехь. - Оцу кепара барамаш Белоруссехь хиларна журналистийн бехк бац. Тхан Iалашо ю - уггар а хьалха долчух дIахаийтар".
Журналистан адвокато "абсурде" ду аьлла, цунна дохку бехкаш, изза бух болуш жоьпе озо йиш ю кхело, акцина тIехъяьлла йоьдучу троллебусан шофер а аьлла, дуста а дустуш.
Минск, Брест, Гродно, кхечу гIаланийн бахархой протестан гуламашка баьхна карарчу хенахь президент волу Лукашенко Александр тоьлла гойту жамIаша, аьлла, харжамийн комиссеша бинчу хаамаша.
Официалан экзитполаша бахарехь, Лукашенко Александрна кхаьжна дIабелла 80% харжамхоша, ткъа цуьнца къовсаеллачу Тихановская Светланина – 7% гергга. Амма жамIаш харц гойту, Тихановская, масала, еккъа цхьана Минскехь тоьлла 20 сов каппашкахь, Лукашенко дуккха а тIаьхьа а вуьтуш, чIагIдо Тихановскаян харжамийн штабо.
Акцийн декъашхоша чIагIдо, экзитполаш а, Белоруссин Харжамийн Клмиссино гойту жамIаш а харц ду, бохуш.
Харжамаш бирзина лору, официало бахарехь, дакъалаьцна барамехь 84% харжамхоша. Официалехь харжамийн жамIаш довзуьйтур ду тахана, Марсхьокху-беттан 10-чохь.
26 шо ду Лукашенко Александр Белоруссин президентан даржехь волу. Харжамийн дийнахь иза ца ваьлла нахана юкъа, кхаж таса вахча, къамел дина журналисташца.
