Добавить новость
ru24.net
World News
Ноябрь
2020
1 2 3 4
5
6 7
8
9 10 11 12 13
14
15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30

Кадыровн цIарах совгIаташ эца 30 миллион сом ахча дайъина Нохчийчоьнан Iедалхоша шарахь

0
Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIарах мидалш а, орденаш а эца Iедалхоша 9,6 миллион сом мах болу тендер кхайкхийна. Оцу кепара зорбане даьккхина документ хааделла "МБХ-медиана" Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь.


Документаш тIехь билгалдаккхарца, орденаш а, мидалш а уггар а цIеначу дешех йина хила езаш ю, 54 изумрудца а, 18 алмазца а, 36 рубинца а кечйина. 15 мидал эца лерина бу Нохчийчуьра Iедалхой. "Патриотизм дешнашца ца гойту, гIуллакхашца гойту" аьлла, тIеяздина, Кадыров Ахьмадан сурт тIехь долуш  хир йолуш ю мидалш.


Иштта Кадыровн цIарах 15 орден а кхайкхийна. "Къоман воI", "Эшонза дIавахна иза" аьлла, тIехь йоза а долуш, дезачу тIулгашца кхелина хилийта лаам бу Iедалхойн орденаш.


ТIаьххьарчу шарахь кхайкхийнарг 4-гIа тендер ю боху "МБХ-медиано". Дерриг а Кадыровн цIарах совгIаташна хьажийна 34,6 миллион сом.


Кадыров Ахьмадан цIарах орден юкъаяьккхина Нохчийчохь 2004-чу шарахь дуьйна. Республикана деза гIуллакхаш динчарна совгIатна луш ю иза.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса