Кадыровн гонан инстаграм-аккаунташ яржориг еза машен ло
Блогеро язбала нах кхойкхучу аккаунташлахь ю, масала, КадыровгIеран аккаунташ: Рамзанан зудчун Меднин а, воьIан Iелин а, йоьIан Iайшатан доларчу модин цIийнан а, уллера гаргарчу кхечийн а аккаунташ.
Хьалхо хаам баьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзал бу социалан машанашкара шайн аккаунташ яржорхьама машанашкарчу конкурсашкахь дакъалоцуш, аьлла. Акаунташ шорйийириг делира КадыровгIара алссам ахча, хIораннан цIарх 400 эзар сом а луш. Цунах лаьцна журналисте Дудь Юрийга шен интервьюхь дийцира репера Моргенштерна.
Инстаграмо 2017 шарахь дихкира Кадыров Рамзанна шен ресурсашкахь аккаунт лело. Американ санкцешна буха иза нисваларца дуьйзира бахьана Инстаграмо. 2018 шарахь Кадыров агIо юхасхьаелла воьлча, ца магийра иза дан.