Хасаров ШаIрани. Нана-мохк
Нана - мохк
Туьйранехь дуьйцучех терра
Хиш хьаьвди, бердаш гатделла.
Аренца илли а аьлла,
КIайн бIаьсте лаьмнашка яьлла.
Юха а, буьйв - бохуш кIентий,
ЦIенош деш, хьийзаш бу нохчий.
И сурт ду даим гург суна
Нана - мохк бевзича дуьйна.
Иштта латийначу кхерчахь
ЦIе алссам йовхо луш, йогу,
ГIад доьдий, ага а техка,
КIентий беш кхаьънаш а доху.
Шен амалш гойту дуьненна ,
Кхуззара, болалой, махко.
Со даим воккхавуьйш лелла
Суо хиларх ломара нохчо.
1977 ш.