Добавить новость
ru24.net
World News
Апрель
2021

Навальныйн агIончийн электронан почтин база зорбане яьккхина хакерша

0
Бевзашбоцучара зорбане яьккхина Навальный Алексейн агIончийн электронан почтин база, довзийтина оппозиционер мукъаваккхийтарехьа митингашка баха леринчара яздина кехаташ. База билггал шайниг хилар бакъдина коррупцина дуьхьалоечу фондан директора Жданов Ивана. Оьрсийчоьнан Iедало "арахьарчу агентийн" реестре язйинчех ю Фонд (ФБК).


"Доккха тохар ду ФБК-на цо Валдайра Путинан резиденцех дерг къастош бина таллам баржочу дийнахь динарг", – билгалдаьккхина Навальныйн нийсархочо.


Нахалъяьккхина 529 эзар электронан почта, царна чохь дара Навальныйгахьа 202I-чу шеран бIаьста хIуттур болчу гуламе баха лаам бовзийтинчу нехан кехаташ. Зулам динчара чIагIдо, дIаязбеллачу нахах 70 процент боташ ю, бохуш.




Хакерша шаьш йовзуьйтур ю аьлла "Навальныйна – маршо!" сайтехь шайн электронан адресаш дитинчу нехан почтанаш. "Цкъачунна тхо деанонимизаци ян дуьйлалуш бен дац, кестта хуур ю тхуна шун цIерш, телефонаш, адресаш", – боху шайн дIахьедарехь хакерша.


Жуковс дийцарехь, гулйинчу бази чохь дац деккъа электронан адресаш бен, яьхна яц цIерш, язйина яц кхин цхьа а информаци. "База йиллинчара ден долу уггаре доккха зулам ду тхоьга маьттаза кехат яздар, ткъа иза спам чу бен кхочур дац", – аьлла хета цунна.


Амма нехан бакъйолчу почтийн адресашкахь йолу информаци тIейоза хала дац нехан бакъ цIерашна, телефонан ноьмаршна. "Юкъараллин проекташна кхерамзалла яцар гайтарца доккха зулам дина. ХIинца ФБК-на а,  кхечу проекташна а вуно хала хир ду базанаш гулъян", - боху Навальныйе фондехь хьехамча хиллачу Здольников Владислава.


"Навальныйна – маршо!" сайт кхоьллина зазадоккху-беттан 23-чохь митинге гIонболчу нехан барам хаархьама. 500 эзар стаг гуламе вала дагахь вуйла билгалдаьлча, ша митинг хуьлу де довзуьйтур ду, аьллера Навальныйн накъосташа. ПIераскан Iуьйранна, Охан-беттан I6-чохь регистраци йина 438 стага.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Россиянка Калинская снялась с турнира WTA в Мексике






Греф: Сбер исходит из сценария, что санкции ужесточат

Стало известно, что за несколько месяцев до смерти Тимма терроризировал Седокову

Инвесторы смогут приобрести историческое здание в Басманном районе

Мусе ищут хозяина: москвичи могут решить судьбу пострадавшей кошки