Добавить новость
ru24.net
World News
Апрель
2021

Бакъоларъярхойн кхайкхам: дуьненаюкъарчу талламчаша зен беза Нохчийчохь 27 стаг верах болу хаам

0
Оьрсийчоь декхаре ю Нохчийчохь 27 стаганна тоьпаш тохар, 2017-чу шеран Дечкен-беттан 25-26-чу буса кхел а йоцуш хIаллаквар зен йозуш йоцу дуьненаюкъара талламчийн тоба чуйита. Иштта ду бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало «Мемориал» арахьарчу агентийн тептара язйина, ткъа «Мемориало» тIе ца оьцна и статус – ред.) ша Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле хьовсийначу обзервацешкахь бохург.


Документо бахарехь, иза хила еза Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин ницкъаша а, лааамза а байначу наханна орца кхачош йолу белхан тоба.


Обзервацешца гайтина "Мемориало" "Новая газетан" журналист Милашина Елена декъахь а йолуш хIоттийна тоьшаллийн база.




Нах муха хьийзийра, байъира Милашинага Зазадоккху-баттахь дийцира лечкъийна нах ларбеш Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу патрулан-хан №2 полкехь (ППСП-2) гIуллакх деш хиллачу Гезмахваев Сулимана. Вийначу масех стеган цIе яьккхира цо. Лецна хиллачийн суьрташ тIехь долу таблица а кхаьчна журналисташка.


Коьртаниг ду гIуллакхехь "шина а агIонера" тоьшаллаш хилар, уьш цхьана а догIу, билгалдоккху "Мемориало". Зен хиллачу I6 стага тоьшалла дина, царех цхьаболучийн цIерш яьхна Гезмахмаевс а. Оцу нахана полисхо Iийна Гезмахмаев вевзина суьрташ тIехь.



Европан Кхеташонан адамийн бакъонашкахула йолчу комиссара Миятович Дуняс Оьрсийчоь декхарейина "сихонца, озабезам боцуш, йозуш йоцчу кепехь талла" Нохчийчохь, кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна "Новая газето" яржийна информаци. Журналисташа бина хаам "дегIе зуздоуьйтуш " бу, аьлла Миятовича.
Газето информаци Iораяьккхинчул тIаьхьа царна дуьхьал информацин кампани йолийра Нохчийчоьнан Iедалхоша.

Беттан I8-чохь мехкан коьртачу шахьарахь дIахIиттийра Кадыров Ахьмадан полкан полисхой. Царех цхьаммо Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире дIахьедира, шаьш журналисташна таIзар дийр ду аьлла.
Нагахь санна, газето дуьйцург харц делахь, кхеле довла аьлла, хьехар дира Кремло, шайга бинчу латкъамна дуьхьал.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Андрей Рублёв

Рублев поднялся на девятое место в рейтинге АТР, опередив американца Пола






Татьяна Волосожар, Лянка Грыу, Виктория Дайнеко и другие гости семейного шоу «Богатыри»

Загруженность дорог Подмосковья в понедельник утром составила 4 балла

Хуснуллин: Участок трассы М-12 до Екатеринбурга планируется открыть к концу июня

Новосибирский школьник стал призером в разработке мобильных приложений на Национальной технологической олимпиаде