Кадыровс кхетийна Нурмагомедов Хьабиб "UFС-н" проект ю ша алар
"Проект боху дош цхьа а сийсазвен дош дац, иза бохург ду юкъараллина стаг карийна пайденна хир волу, хьовсархойн тIе тидам гIур болу… Тхо зIенехь ду Хьабибца, вежаршца, массаьрца, цара хIумма а ца боху, ткъа аш дуьйдург дош доцург ду… Ас боху – хIаъ, иза тоьлларг ву UFC-хь, цо иза гайтина деррриг дуьненна, амма проект проект ю, царна вовше карийна. Цунна карийна и юкъаралла, ткъа оцу юкъараллина карийна иза", - даладо РИА Новости агенталло Кадыровс аьлларг.
Республикан куьйгалхочо иштта кхайкхам бина и тема политикех хьекха ма яхьара аьлла, вовше сийсаз а ца беш хIума дан дезара аьлла.
Хьалхо Кадыров Рамзана латийта везара аьллера октонгонехь Чимаев а, Нурмагомедов а. Цо дагестанхочух лаьцна аьллера иза "UFC проект" ю. Кадыровс билгалдаьккхира Нурмагомедов ца хьажна шен ницкъ муха бу "Ахмат" клубан спортхоца а летта, ткъа иштта иза цкъа а ца летта Дагестанан а, Оьрсийчоьнан а байркхашна кIеллахь аьлла.
Оцунна критика ярна жоп луш Нохчийчоьнан информацин министро Дудаев Ахмеда аьллера, Кадыровс динчу дIахьехьедарна шаьш реза ца хилар гайтина нах "бодане я питане" нах бу аьлла.
Шен агIор Чимаевс дIахьединера ша кийча хиларх лаьцна, Нурмагомедов Хьабиб "ватIо", нагахь цунна "лаахь". Дуккха а спортхоша оьзда доцуш лерира Чимаевс дийцинарг. ММА-н латархо хиллачу 60 шо долчу Гамзатханов Магомедханна хетарехь, и дешнаш цо аьллачул тIаьхьа "ларам байна" цуьнга (Чимаевга) аьлла.
ММА-рчу шен йоццачу карьерехь исс латарх чекхваьлла Чимаев, иссазза а тоьлла, толамех кхоъ цо баьккхина UFC системехь. UFC-н рекорд хIоттийна цо хенал хьалха, 66 дийнахь кхузза толарца.
Хьалхо Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкарчу спортан комментаторша бехкбиллира Чимаевна, иза Соьлжа-ГIала а вахна, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетарна а, цо шена совгIатйина "Мерседес" схьаэцарна а.