Добавить новость
ru24.net
World News
Май
2021

Туркойчу Мангал-баттана билеташ дохкар сацийна "Аэрофлото"

0
Оьрсийчоьнан "Аэрофлот" авиакомпанино Мангал-бутт чекхбаллалц аьлла сацийна Туркойчу ечу рейсашна билеташ дохкар, коронавирусца къийсам латторан оперативан штабо бакъо елла йолу кIиранах ши рейс а йитина. Цунах лаьцнахаам бо Радио Свободано, ТАСС агествона тIе а тевжаш.


"Аэрофлотан" официалан векло Демин Михаила дIахьедина, Мангал-баттахь хир йолчу рейсашна билеташ дохкар сацийна, "некъахошна цатемаш ца хилийта, и кеманаш ца лела мегаш хиларна".


Цхьа де хьалха цхьамогIа зорбан гIирсаша хаам бира, Стигалкъекъа-беттан 15-хь дуьйна Мангалан-беттан 1-чу кхаччалц Туркойчу кеманаш лелар доьхкуш бина сацам къидIа и бут чекхбаллалц бахбан мегаш бу аьлла. Оперативан штабехь и хаам бакъ ца бира.


Охан-беттан 12-хь Оьрсийчоьно цхьана ханна сацийра Охан-беттан 15-чу дийнахь дуьйна Мангал-беттан 1-чу дийне кхаччалц кеманаш лелар Туркойчу а, Танзане а.


Дехкарш кIелла яхна Москва-Истанбул рожера а, чартеран а рейсаш. Охан-беттан 15-хь – Мангал-беттан 1-хь 30 миллард сов соьмана Туркойчу турашна бронь йинера 500 эзар Оьрсийчуьрчу вахархочо. Церан дезна я хан хийца, я цае ш йита уьш.




Тергамхоша билгалдоккху Оьрсийчоьнан Iедалийн оцу сацаман политикан кӀелдӀашхе а хилар. Охан-беттан 10-хь Истанбулехь визитца хилира Украинин президент Зеленский Владимир. Цуьнца хиллачу цхьаьнакхетарехь президента ЭрдогIан Реджепа дIахьедира, Тукойчоьно ца лору аннекси йина ГIирма Оьрсийчоьнан хилар аьлла.




 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
WTA

Рахимова проиграла американке Доулхайд на старте турнира WTA в Индиан-Уэллсе






В городах-миллионниках предложение съемного жилья за месяц выросло почти на 14%

Я — сноб: коллекционер Антон Козлов

"Осторожно, Москва": студенты киноколледжа заявили о извинениях Андреасяна

Певица Бузова закрыла BUZfood из-за многомиллионных убытков