ГIажаройн лидера дуьххьара шена тохийтина Тегерано кхоьллина вакцина
Дечкен-баттахь Аятолла Iела Хаменеис пачхьалкхана дихкира арахьара вакцина эца, Тегерано "къомо дозалла дендолу" препарат кхоллалц.
ГIажаройчоьно шен некъ болийра COVIran Barekat вакцина кхуллуш – иза ницкъах эшийначу коронавирусах йина. Иза зен йолийра Гура-бутт боьрзуш. ДIадахначу кIиранах вакцина магийна пачхьалкхан лоьрех лаьттачу тергамчаша.
ГIажаройчоьно ца довзийтира керлачу вакцина зуьйш гучудевлла жамIаш, амма тоьшалла дира, цуьнан эвсаралла 85% ю, аьлла.
Теоре диллича, ГIажаройчоьнан яра вакцина Малбалехь эца бакъо. Мах а бара цунна лахбеш, COVAX программица а догIуш. Амма дуьненаюкъарчу банкашна ца лаьа ГIажаройчоьнца гIуллакхаш лело – кхоьру Америко тоьхначу санкцех.