Добавить новость
ru24.net
World News
Июнь
2021

ОСАГО системица хьарамлонаш лелочу хьалханчашлахь ю Къилбаседа Кавказ

0
Оьрсийчоьхь машенашца хуьлу зен меттахIотточу хьукматийн цхьаьнакхетаралло (РСА) рейтинг хIоттийна ОСАГО системера хьарамлонашца ахчанаш оьцучу регионийн. Хьалхара кхо меттиг дIалаьцна Приморски махко, ГIалгIайчоьно, Къилбаседа ХIирийчоьно.


РСА-н президента Юргенс Игора дийцарехь, и регионаш стохка а яра ОСАГО Iехочийн хьалхарчу могIаршкахь. Оцу бахьаница и мехкаш бу некъахьовзамашца доьзна уггаре дукха а, машенашца хуьлу зенаш бахьанехь Оьрсийчохь сов кест-кеста ахчанаш оьцурш а.


ОСАГО Iехорхойн могIаршкахь 5-чу меттехь ю Кхарачой-Чергазийчоь, 6-гIаниг – Дагестан, тIаккха – Нохчийчоь. 15-чу меттехь ю ГIебарта-Балкхаройчоь. Бозбуанчаллаш кхушара гIеххьачул лахделла Адыгейхь, Ростовхь, Краснодарехь, Ставрополехь.


Уггаре "цIенаниг" ю Алтай.



2019-чу шарахь массо а мехкел хьалха яра ОСАГО-ца харцонаш лелорца Адыгей а, Краснодар-мохк а. Оьрсийчоьнан Банкан векалша чIагIдарехь, машенаш йоьхна, йохийна бохуш, аьшпаш а буьттуш, ахчанаш оьцучу наха некъ боьхку баккъал а зен хиллачу бахархошна компенсацеш хеннахь, боггIучу барамехь эца.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus




Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса
Даниил Медведев

Медведев проиграл Беллуччи во втором круге турнира в Роттердаме






«Инфосистемы Джет» и ГК «Юзтех» обеспечат оптимальный режим потребления вычислительных ресурсов ИТ-инфраструктуры

SuperJob: почти 60% ямальцев ориентируются на уровень зарплаты при выборе работы

Травматологи берут курс на малоинвазивность

Европейский бизнес нашёл альтернативу солнечной и ветровой генерациям