Беларусехь Протасевич а, Сапега а изоляторера цIахь лаьцна кхобучу кепе даьккхина
Ши-кхо де а ду, гергарчара дийцарехь, Минскехь цхьацца даьккхина, петаршка къастийна Протасевич а, Сапега а.
Протасевич Романан дас Протасевич Дмитрийс, шайна а хета тамаше шен воI а, иза тIехьийза йоI а цIахь лаьцна латточу режиме даккхар, аьлла. Цунна гарехь, Роман цхьана политикан ловзаршна юкъаозийна. Цуьнгахь йолчу информацица, Протасевич Романна а, Сапега Софияна а тIебаьхьина бехк бац юхабаьккхина.