Добавить новость
ru24.net
World News
Январь
2022

"Омикрон" штамм хааелла Къилбаседа Кавказехь кхин а

0
"Омикрон" коронавирусан штамм гучуяьлла Къилбаседа ХIирийчохь цхьанна а, Кхарачой Чергазийчохь цхьанна а.


"Шина стагаца къаьстина "омикрон" штамм, амма тхо долчахь "дельта" яьржина ю", - хаамбина ТАСС агенталло Къилбаседа ХIирийчуьрчу Роспотребнадзоран урхаллан куьйгалхочунна Тибилов Аланна тIетевжина.


Ставрополан лабараторино тIечIагIдина, Кхарачой-Чергазийчохь цхьана вахархочуьнца и ун хилар, хаамбина "Интерфаксо".




Коронавирусан керла штамм хьакхаяларх дуьххьара Къилбаседа Кавказехь хаамбинчех ю ГIалгIайчоь. 23 шо долчу доьзалхочух йолчу зудчуьнца къаьстинера "омикрон" штамм. Иза ша цхьанхьа а дIасаяхна яцара, тарлора кхечу регионера веанчух цунна ун даьлла хила.


Хьалхо яздора, "омикрон" коронавирусан штамм дуьххьара ГIебарта Балкхаройчохь гучуяларх. Астраханан кIоштахь а ун даьллера шинна коронавирусан керлачу штаммах.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса