Добавить новость
ru24.net
World News
Февраль
2026
1 2 3 4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19
20
21
22
23
24
25
26
27
28

Лачкъор дац, бераш цIадерзор ду? Ненера бераш нуьцкъаша схьадахар а, кавказхойн ламасташ а

0

Къилбаседа Кавказехь доьзал дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа бераш ненера схьадахарх лачкъор ца олу, дукха хьолахь "бер шен дайх дIатоьхна" олу. Цунна тIехь гуш ду шерашкахь наноша шайн берашна тIе ден некъаш, цаьрца зIе латторхьама хьоьгу къа а. Наношна луург коьрта хIунда ца хета, ткъа доьзална а, къаношна а хетарг а низамал а деза стенна хета, къастийра тхан редакцино.

ГӀалгӀайчуьрчу жимчу зудчо Евкурова ПятIимата ворхӀ шарахь къийсира, шен хиллачу хIусамдас нуьцкъала дӀавигина кӀант ган бакъо. Кхин шен кIант маракъовла йиш йоцуш, кхелхира иза.

И хилларг гучудаьлла цуьнан йишас Евкурова Залинас дечкен-баттахь ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочуьнга Калиматов Махьмуд-Ӏалига а, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочуьнга Бастрыкин Александре а хьажийна видеохаам дӀайазбиначул тӀаьхьа. Цо тIедожийра, цIе ца йоккхучу цамгарх йеллачу шен йишин бакъонаш йохорна бехке болчарна таӀзар дар. Гергарчу зудчо бахарехь, цуьнан йишин могашалла галъйаьллера цунна хилла стресс бахьана долуш. Меттигерчу Талламан комитето цкъачунна официалехь бина хаам бац Евкурован дехарца доьзна талламан барамаш дIабахьарх лаьцна.

ВорхI шарахь шен бераш йухадерзо гӀертар-м башха рекорд а йац: Нохчийчуьра Хаджимурадова Джульеттас шен йоI лоьху 20 шо сов хан йу. Беран да веллачул тIаьхьа кхуьнан хиллачу марзоша Джульеттера йоI схьайаьккхинера, дуьйцу "Нана йоцу Кавказ" проекто. Цо 1993-чу шарахь йина хиллера Хеди цIе йолу йоӀ, хIусамда дӀакхелхинчул тӀаьхьа иза цхьаллехь йисинера, тIехIотта да а воцуш. 2001-чу шарахь беран дешичас нуьцкъала дӀайигинера хIетахь йалх шо долу йоӀ Франце. Джульеттина, ша йуьйр йу бохуш, кхерамаш а туьйсуш, цул тӀаьхьа беран цӀе а, ден цӀе а хийцина а хиллера.

Шена беза-бевзачу нахехула аьтто белира Хаджимурадован тIекхиа, Хедина тIехь латтош леррина терго хилар а, цунна ницкъбеш хиларх а. ЙоIа шеца цхьана лелош хиллера ненан сурт, дехоша хьан нанас хьо дIакхоьсинера бохуш, шега дийцина хиллехь а. Кехаташ доцуш пачхьалкхера арайала аьтто боцчу Джульеттас диаспорехула а, зорбанан гIирсашкахула а лоьхура шен йоI. ТIаьххьара Хеди гина цо школа йаьккхинчул тIаьхьа Ле-манехь, цул тIаьхьа йайра цуьнан лар. ЙоI стенгахь йу а, иза дийна йуй а, билггал хууш стаг а вац. Бакъонашларйархоша дехар дина Францерчу шайн белхан накъосташка а, журналисташка а, меттигерчу бахархошка а, Хедин кхолламах дерг хаа лууш.

ТӀом болчу хенахь Нохчийчохь зударий берех къаста декхаре хуьлура тIебеана бала бахьана долуш а, дан амал доцуш а. Иштачу хьелашкахь хиллачу, тахана Европехь йехачу цхьана зудчо дийцира тхан редакцина. Шен цIе йовзийта ца хIоьттира иза.

Тхоьца къамел динарг Нохчийчохь тӀом балале дIакъаьстинера шен хIусамдех, цуьнан бераш дехошкахь дисира. ХӀетахь иза вуно эгIазчу хьолехь йара: дешна йацара, балхахь-некъахь йацара, берашна догIуш йа пособеш дацара. Кхуьнан берийн да кхечу зудчунна тIевахана вехара, кхуьнан карахь цхьана а кепара рицкъ а ца дуьтуш.

Бераш даккхий хиллачул тIаьхьа, царна йукъахь йолу зӀе меттахӀоттийра ша бохуш, дагалоьцу цо: "Сайн бераш сайца дитина ца Iаш, аса царна массо а хIумана тIехь гIо дора, аса дола дора церан, дешийтира, йоI маре йелира, кIантана зуда йалийра. Цхьа боккъал а бертахь, хаза доьзал хилира тхох".

Цул тӀаьхьа 30 шо даьлча бен ца хиира зудчунна, 1998-чу шарахь дуьйна шен хиллачу марнанас бераш шен цIартIе даьхна хиларх. Цуьнан бераш хӀинца и кехаташ хила ма-деззара йухаметтахӀитто гӀерташ бу, шайн юридикан статус оьшуш.

Амма массо а гIуллакх ца доьрзу сингаттаме.

Марера цIа йеана, шен ден-ненан хӀусамехь йехачу ГӀалгӀайчуьрчу кхин цхьана зудчун аьтто баьлла эххар а шен бераш йухадерзо. Къоначу ненера Бакаева Зухрагара схьайаьккхинера хIинцца дуьненчу йаьлла йоI. 2025-чу шеран марсхьокху-баттахь кхеран чу а лилхина, хиллачу хIусамдас а, цуьнан дас-нанас а бутт бен кхаьчна а доцу бер а, важа кхо шо долу йоI а лачкъийна дIайигинера.

2025-чу шеран лахьан-баттахь социалан машанашкахула ГӀалгӀайчоьнан куьйгалхочуьнга латкъам бинера Зухрас, шен бераш йухадерзорехь гӀо доьхуш. Цо чӀагӀдора, шен агӀор кхелан сацам бу, амма хIетте а шен хиллачу хIусамдас кхелан сацам кхочуш ца бо бохуш. Цуьнан видеохаам шуьйра баржийначул тӀаьхьа бен республикера Талламан комитет а, берийн бакъонашларъяран комиссар а йукъа ца гIоьртира. Масех де даьлча нана а, бераш а цхьанатуьйхира. Иза махкахь цхьа наггахь бен хуьлуш доцу хIума дара.

Ӏадатна тӀехьа лечкъашКхузахь дуьйцург цхьана хенахь зудий-майрий хиллачунна йукъара дов дац, цу йукъаозийна гергара нах къаной, "йукъараллина хетарг", ур-атталла пачхьалкхан институташ а. Уьш ца хуьлу дукха хьолахь хIумана пайден а, йа йукъагIорта лууш ца хуьлу. Формалехь къовсуш йац ненан шен бераца зIе хила бакъо, амма и бакъо цунна луш йац, аьлла дийцира доьзалан йукъаметтигаш луьстучу Нохчийчуьра адковато, шен цIе къайалхьор а доьхуш.

"ХӀетте а, зудчунна шен бер ган официалан бакъо лахь а, системехула дийца ца деза цуьнан и хьал, цхьана нахаца "бартбеш", йа Iаткъам а беш дан дезаш хуьлу",- билгалдоккху цо.

"Бер дехошка йухадерзор", иза коьртачу декъана нуьцкъала бер ненах дӀакъастор ду, низаман категори йац, йукъараллин хийцам бу, бохуш дуьйцу адвокато кхидӀа а. Кехат тӀехь ненан бакъонаш йу, амма практикехь уьш кхочуш ца йо, "ламаст" а, доьзална хетарг а коьрта хиларна, бохуш, кхетадо цо. Цу йукъана дуккхаъчу нанойн аьтто ца хуьлу гIо деха: церан таро йац адвокат лаца, ткъа системехь йац кхелан сацамаш кхочушбаран механизмаш.

ХӀунда ду Нохчийчохь а, луларчу республикашкахь а бераш дукхачу хьолехь ден "долахь" хила дезаш санна тӀеоьцуш, нана хьахош а йоцуш? И хаттар тхан сайто делира меттигерчу культурологе (Оьрсийчоьно "лаам боцучу" организацех лаьцна репрессиван низамаш тӀеэцар бахьана долуш, оха цуьнан цӀе ца йоккху).

"Ламасташ Iалашдеш йолчу йукъараллехь йоккха тIетовжийла йу адаман цуьнан тайпа - доьзал санна, гIортор санна, "шен нах" санна. Стаг мича тайпанах схьаваьлла ву хьуна хууш хилча, хьо кхета цуьнан гергара нах муьлш бу а, цунна тIехIуттун верг мила ву а, цунах жоп лун дерг мила ву а, гIо ден дерг мила ву а. Тайпа- иза цхьа "доьзал" хилла ма ца Iа, иза адамийн цхьа боккха го ма бу. Цундела бер лоруш ду оцу ден цIийнах, хIунда аьлча, стеган тайп-цхьа цIий хилла ма ца Iа, оцу стагана цIе туьллу, оцу стеган истори йолу, цуьнан тIетовжийла йолу меттиг а бу", - кхетийра цо.

Ишттачу кхетамаша дуьххьалдIа тӀеӀаткъам бо зуда йитинчул тӀаьхьа сацамаш муха тӀеоьцу а, беран дахарехь дакъалаца бакъо хьанна хета бохучунна а, билгалдаьккхира нохчийн бакъонашларъярхочо Газиева Фатимас редакцица хиллачу къамелехь. Оццу бахьаница, йерриг а Къилбаседа Кавказехь доьзалан ламасташ а, доьзална хетарг а дукха хьолахь цхьана билггалчу зудчун гӀайгӀанел а совдовлу. Цу тайпачу йукъараллашкахь къепе ларйархьама а, доьзалан "нийса" дӀахӀоттам ларбаран а дуьхьа шен гӀуллакхаш кIелдита догIу, бохуш дуьйцу цо кхидӀа а.

"Кхечу регионашкахь уггаре а хьалха ненан а, ден а лоруш ду бер, церан цхьатерра бакъонаш а йолуш. Ткъа нагахь санна бер ницкъаца йа кхел а йоцуш дӀадаккхахь, цунах лачкъор олу. Цара "доьзале йухадерзийна" аьлча, иза а нийса а хета, оцу нанна и лазам белахь а. Нохчийчохь, Кавказехь ламасташ а, тайпа ненан бакъонел деза хета. Цундела кхечу меттигашкахь зулам лоруш дерг дукха хьолахь кхузахь нийса хӀума санна тӀеоьцу", - бохуш, кхетадо бакъонашларъярхочо.

Дукха хьолахь йукъахь лелачу ламасташна бехказабуьйлуш динца кхето хьийза. Бусалба дино къинхетаме хила веза, бохуш хьехахь а, дахарехь кхерам, бехкбаккхар доьзалан агIор болчара Iаькъамбар ницкъе хуьлу, Делах тешаш хиларал а, билгалдоккху Газиевас: "Адамашна хаьа, динехь бер, наний вовшах къастон йиш йоций. Амма цара кхечу дешнашца туьду и хьал, бехк зударшна тIебуьллу, ламасташна тIехьа а лечкъаш, царна ишта атта ма дуй баха. Дукхахболчара кIорггера ойла ца йо. Шайл хьалха баьхначара дуьйццург олу цара: "иштта хьалха а хилла", "вайн дайша-наноша лелийна", "делахь, ишта бакъахьа ду" бохуш.

"Гражданское содействие" комитетан куьйгалхочо Ганнушкина Светланас дийцира, ГIалгIайчоьнан урхаллехь Евкуров Юнус-Бек волчу заманахь хиллачух лаьцна. "Ишта цхьана гIуллакхна йукъагIортахьара" аьлла, дехар дина хиллера цо мехкан куьйгалхочуьунга. Вукхо дуьхьало йина бохура. Бакъонашларйархоша бахарехь, пачхьалкхах стаг Iалашван кийча вара иза, амма ницкъабарх ламасташ а, доьзал а ларбан вацара.

Да-нана дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа берашна ненаца диса хала долчу бахьанашна йукъахь бакъонашларъярхоша даладо патриархалан структура хилар, зударийн бакъонаш ца хилар, Оьрсийчоьнан низамаш а, исламан (шарӀан) а, йукъараллин (Iадат) а низамийн бакъонаш а цхьаьна лелор, ишта хIусамдех къаьстинчул тIаьхьа марзоша а, шен наха а боккху болчу бехках лардалар. Бераш "нехан" лоруш ду цуьнан цIерачара а.Нохчийчуьра Динан урхалло массарна а хезаш дIахьедар дина жимачу берана тIехь Iуналла дар, цуьнан доладар наношна тIехь ду, бераш нанойх хьего мегар дац аьлла. Ткъа хIума тIехIоьтттича, кхело а, муфтиято а гIо ца до зударшна цара шайн берашкахьа бечу къийсамехь. Нохчийн Iадаташца дай-наний къаьстича, бераш дегахь, йа дехошкахь дуьсуш ду. Тхан сайто къастийра, нанойн бакъонаш Iалашйо бохуш деш долу дIахьедарш бIостане муха дуьйлу махкара церан гIуллакхе хьовса декхаре йолчу хьукматаша лелочуьнга хьаьжча.




Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса