Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Декабрь
2017
1
2
3
4
5
6
7
8
9
10
11
12
13
14
15
16
17
18
19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31

Оьрсийн кхиазхойн талорхойн тоба лаьцна Венехь

0
13 кхиазхочох лаьтташ йолу талорхойн тоба лаьцна Венерчу полисхоша. ТIаьхьарчу шина баттахь Австрин коьртачу шахьаран йистошкахь иттанаш нахера ахчанаш а, телефонаш а, тIеюху хIумнаш а схьаяхарна лийцинчу кегирхой 14 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш ю. Уьш оьрсийн а, украинхойн а, болгархойн а, сербхойн а, кхин а масех Малхбалерчу Европерчу къаьмнийн а орамаш долу нах бу.


Венерчу полицин урхалло бинчу хаамца, доккхачу декъехь буьйсанна арабовлуш хилла и талорхой шайн зуламаш дан. Даима а тобанца лелаш болчу цара шайна закъалташна кхерам тийсарца къоланаш деш хилла.


Нагахь санна шаьш бохург юхьаралаьцначо ца дича, уьш цунах вуно къиза леташ хилла. Иштта, полицино дийцарехь, цхьана жимчу стаго шайна дуьхьало йича, цара цуьнан мочхал кагдина, цхьана кхечуьнан пIендарш кагдина.


Лецначийн петаршкахь хьоьвсинчу полисхошна цара лечкъийна хиллачу хIумнийн цхьа дакъа схьакарийна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса