Британин министро зезагаш дехкина Немцов вийначу тIай тIехь
Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца цхьанакхета Москох веанера Джонсон Борис. Къевлинчу неIаршкахь дIадаьхьна цу шиммо дийцарш.
Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш таян Iалашо ю шен аьлла, дIахьедина Британин министро, къаьсттина шайн пачхьалкхехь арахоьцучун экспорт алсам а йоккхуш.
Иштта Джонсона билгалдаьккхина, Украинехь лаьттачу ситуацин хьокъехь Москохан а, Лондонан а хьежамаш цкъачунна кеп-кепара хилар а.
ГIирмех Великобританин позици хийцаялаза ю – Украинан суверенитет Оьрсийчоьно йохийна аьлла хета Лондонна.
Цхьана агIор и проблема а ясталур ю аьлла тешам къадийна Британин министро.
