Шен хилла хIусамнана ядо гIоьртина стаг чувоьллина Нохчийчохь
Кхело бинчу сацамо гайтарехь, стохка Лахьан-баттахь шен хилла зуда ядо гIоьртина Соьлж-ГIалара вахархо. Зудчо дуьхьало йича, цунна масийттоза тоьхна стага. Мохь хезна лулахой арабевлча ведда хилла тIелатар динарг.
