Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Скрипаль а, цуьнан йоI а лардан некъаш лоьхуш ю Британин

0
Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан полковник хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна а, керла кехаташ а кечдина, и шиъ хила мегачу тIелетарех Iалаш дан Iамеркехь даха хаон некъаш лоьхуш ю Британи. Цунах лаьцна яздо Британерчу Sunday Times газето.


Цо дийцарехь, Британин MI6 къайлахчу сервисо и хаттар дийцаре дина Iамеркан Коьртачу талламан урхаллан векалшца.


Скрипаль а, цуьнан йоI а карийнера Солсбери гIалахь урамерчу гIаьнта хиина кхетам чуьра даьлла а долуш.


Британино бехке деш ду президентан Путин Владимиран Iедал, Советан пачхьалкхехь кечдинчу "Новичок" олучу тIеман дIаьвшах пайда а эцна, Скрипаль вен гIортарна.


Оьрсийчоьно тIе ца дуьту ша бехке хилар. Скрипаль Сергейца а, цуьнан йоIаца а хиллачу инциденто дипломатин кризис эккхийтина Москохна а, Малхбузенна а юкъахь.


  


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса