Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Iамеркана бекхам бан дагахь ю Оьрсийчоьнан Дума

0
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташна а, кхечу пачхьалкхашна а дуьхьал экономикан, политикан санкцеш йохуш низаман проект луьстур ю Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думехь. Парламентан лахарчу палатан хьалханчас, документан цхьахволчу авторо Володин Вячеслава бина и хаам.


ТIеэца леринчу низамо доьхкур ду я дозанаш тухур ду Iамеркан а, цхьацца йолчу кхечу пачхьалкхийн а бахархой белхашка эца, хиларх уьш баккхий говзанчаш.


Цул совнах, Оьрсийчу йоуьйтур яц Iамеркара тонкан а, алкоголан а продукци а, молханаш а. Иштта дуьненаюкъара зарратах пайдаэцарехь а, кеманаш, ракетанаш дарехь а юкъарло дехкар хьоьху проектан авторша аьлла, хаамбина Думан куьйгалхочун гIовса Мельников Ивана.


"Интерфакс" агенталло документан чулацамна тIе а тевжаш яздо, депутаташа Оьрсийчохь Iамеркан продукци арахецар хьоьху, цаьргара бакъо а ца йоьхуш. ХIун сурсаташ дуьйцу, билгалдоккхуш дац.


Низаман проект йийцарейийр ю тIедогIучу оршотдийнахь пачхьалкхан Думан кхеташонанехь.


Кху беттан 5-чохь Iамерко керла санкцеш ехира оьрсийн 14 компанина а, 24 бизнесхочунна а, хьаькамна а дуьхьал.  Доза деттаран бахьана дара, Кремло Iамеркан президентан харжамашна новкъарлояр.


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса