Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Апрель
2018

Нохчийчохь полисхоша вигина кIант гар хилла ден

0
Шина кIиранах сов гергарчарна стенгахь ву а ца хууш, латтийна 19 шо долу Лорсанов Iусман Соьлж-гIаларчу полисхойн декъехь хаавелла, ницкъахоша маьршавоккхур ву а аьлла, хаамбо "Кавказан узел" агенталле кIентан гергарчара.


Маршо Радионо ма яздарра, Соьлжа-гIаларчу шен хIусамера вигинера Лорсанов байначу беттан 27-чохь. Дахначу еаридийнахь бен гергарчара Iора ца баьккхира кIант варах хаам.


Стохка Iусманан воккхахволу ваша иштта дIа а вигина, вийна дела, кIентан да-нана сингаттамехь дара цунна.


Соьлжа-ГIалин цхьана кIоштан полисхойн декъехь латтош ву шайн кIант, ден гар а хилла, цIавоуьйтур ву аьлла ницкъаллин стурктурийн белхахоша, амма де билгал ца даьккхина аьлла "Кавказан узел" агенталле кIентан гергарчара.


Социалан машанехь жигаралла гайтар хила тарло иза лацаран бахьана аьлла хета цуьнан доттагIчунна. "Цо Iаламат чIогIа сагатдора шен вешина, цуьнан сурт доккхура шен агIон тIе, дуккхаъчара комментареш язйора. Вуьшта дика кIант ву иза ша, вуониг цунах ала дац сан", - аьлла агенталле доттагIчо.


 


 


 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса