Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Нохчийчохь шайн эгначу эскархойх кино яьккхина гIалмакхоша

0
Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь а, Къилбаседа Кавказехь контртерроран операцешкахь а эгначу ГIалмакхойчуьрчу эскархойх лаьцна документалан "Со юхавирзича -3" кинон презентаци хилла Элистахь. Байинчийн наноша латкъамбина, шайн доьзалийн тахана а тIеман гIуллакх деш кхелхинчийн статус цахиларх, оцу бахьанашца пачхьалкхан дукхачу хьелех пайдаэца таро яц шайн цахиларх а.


Хьалхо зорбанаша даржийра, стохка Iай "Со юхавирзича -3" филм яккхар ханна дIатеттина, ахча цахиларна аьлла. Нохчийчохь ГIалмакхойчуьра тIемаш бинчийн гергарчара дIахьедора, регионо ледара гIо латтош хиларх тIеман ветеранашна а, байинчу эскархойн дайшна-наношна а.




Проектан кураторо, гIалмакхойн "Оьрсийчоьнан зударийн юкъаралла" боламан куьйгалхочо Кинзеева Киштяна дийцина, оцу документалан кинон хьалхара дакъа 2013-чу шарахь даьккхина хиларх. Оцу декъехь Нохчийчохь шина тIамехь дакъалаьцначу 8 эскархочух дийцира аьлла.




2015-чу шарахь "Тхан дегнашчохь" аьлла филм яьккхира ОвхIанистанехь веллачу 15 салтех. Ткъа 2015-чохь яккха йолийра "Со юхавирзича-2" цIе тиллина, Нохчийчохь эгначу республикера 14 эскархочух лаьцна кино.


БIе гергга хьажархо гулвеллера филман презентаци шоьтадийнахь.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса