Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Мисаран футболан ассоциаци ахча лачкъорна бехкееш ю

0
Дуьненан чемпионатна хьажийна пачхьалкхан I, 8 миллион доллар ахча дохкарна шеконашка эцна Мисарара футболан ассоциаци. Sportboxru гIирсо бина и хаам. Мисаран инарла прокуроро Садек Набила гIуллакх таллар тIедожийна талламчашна.




Erem News хьостано, инарла прокуроран дIахьедарна тIе а тевжаш яздо, турнирехь хиллачу Мисаран векалша 1 миллион 800 эзар доллар ахча лачкъийна, Нохчийчохь куп тоьхначу тобан хьашташна дайина шаьш а аьлла. Цу хьокъехь иск чуелла Мисарарчу адвокато Ан-Нимр Мухьаммада. Нохчийчохь тобано маьхза хан яьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзано гIо лацарна аьлла, дIахьедина адвокато.


Оьрсийчоьнан 11 гIаланашкахь дIахьош ю дуьненан футболан чемпионат байначу беттан 14-чу дийнахь йолийна, карарчу беттан 15-чу дийне кхаччалц.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса