Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

СкрипалгIарна тIелатар вовшахтоьхна ГРУ-н белхахо йолчу зудчо

0
Шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а Британерчу Солсберехь дIаьвшен тIелатар дина хилла 6 стагах лаьтттачу тобано, шен коьртехь Оьрсийчоьнан Талламан коьрта урхаллан белхахо йолу зуда а йолуш. Цунах лаьцна хаам бина The Daily Mail зорбанан гIирсо, Британин лерринчу сервисашкарчу хьастана тIе а тевжаш.   


Цу тайпа ойла кхоллаелла талламхойн, Солсбери гIалана гергахь йолчу Эймсберехь "Новичоках" дIовш даьллачу Роули Чарльзан вашас тоьшаллаш динчулла тIаьхьа.


Цо дийцарехь, цуьнан вешина а, кхин а цхьана зудчунна Стерджес Донина  а дIовш даьлла хилла, духи чохь хилла шиша а карийна, цу шиммо цу чохь йолу кочалла шаьшшина тIетоьхначул тIаьхьа. Зуда елира кху беттан 8-чохь, ткъа Роули кIелхьарвелира, лоьраша гIо дар бахьана долуш.

 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса