Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

СкрипалгIарна тIелатар динарш билгалбаьхна Британин полицино

0
Британин полицина хетарехь, церан аьтто баьлла шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а Британерчу Солсберехь дIаьвшен тIелатар динарш билгалбаха.


Цунах лаьцна хаам бина Малхбузерчу хааман агенталлаша, полицерчу хьастана тIе а тевжаш.


Талламхоша билгалбаьхна шеко йолу нах, Солсберехь видеокамераш дIаязйинчу видеох пайда а оьцуш. Церан сурташ цара дуьхь-дуьхьал хIиттийна дIаьвшен тIелатар дале хьалха Британе баьхкинчу нехан сурташца.


Цул тIаьхьа полицино сацам бина дIавшен тIелатар динарш Оьрсийчоьнан махкахой хиларх лаьцна.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса