Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Июль
2018

Алма-Атахь вийна вевзаш волу казахийн спортхо Тен Денис

0
Казахийн вевзаш волу канкеш хохкуш фигурахо Тен Денис велла Алма-Атарчу дарбанан хIусамехь, урс диттина шена йиначу чевнех. Спортхочунна тIелатар дина цуьнан машенан куьзганаш даха гIоьртинчу шина стага.


Казахстанан могушаллан министралехь бинчу хаамца, жима стаг велла дукха цIий дIаэхарна (кхо литр сов). Културан министралло дIахьедар дина спортхо кхалхар вуно боккха бохам бу, тIеэца хала болу аьлла.


Зуламхой лацарх лаьцна хаам кхаьчна бац.


Тен Денис пхоьазза чемпион хIоьттинера Казахстанехь. Сочерчу Iаьнан Олимпиадехь цо, цхьацца фугарш а еш, канкеш хохкуш яьккхира йоьза мидал (кхоалгIа меттиг).



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса