2019-чу шеран мукъа денош дехьа-сехьа дахарх проект кечйина Оьрсийчохь
Цу кепара, Оьрсийчуьрчу бахархоша садоIур ду Дечкен-беттан 30-чу дийнахь дуьйна Дечкен-беттан 8-чу дийне кхаччалц а, Чиллан-беттан 23-чу а, 24-чу а деношкахь а, Зазадоккху-беттан 8,9,10-чу а деношкахь а, Стигалкъекъа-беттан 1-5-чу а, 9-12-чу а деношкахь а, ткъа иштта Мангал-беттан (Июнь) 12-чу а, Лахьан-беттан (Ноябрь) 2-4-чу а деношкахь а.
Белхан министралло билгалдаьккхина, юкъараллан аьтто хилар, и проект йийцаре ян. Иза дIахIоттийна ю федералан барамийн а, низамийн а проектийн порталехь.
