Донбассехь референдум ярх ойла юхатоьхна Киево а, Вашингтоно а
ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ХIелсинкехь кху беттан 16-чохь Iамеркан президенте Трамп Доналде аьлла хилла Донецкан а, Луганскан а халкъан олучу республикашкахь референдум ян езара аьлла, хаам бинера Bloоmberg агенталло.
КIайн ЦIийно оццу дийнахь дIахьедар дира Путина ян еза бохучу референдумна гIортор ян цхьа а аьтто ца го шайна аьлла.
