Оьрсийчохь уггаре хьал долууш бу ГуцериевгIеран доьзал - Forbes
Стохка хиллачуьнца буьстича, церан бахаман терахь лахделла 3,94 миллиард долларна. Форбсан рейтингана юкъарваьлла Гуцериевн йишин кIант Шишханов Микаил. Цуьнан Бинбанк пачхьалкхан дола яьлла.
ШолгIачу меттехь бу Ротенбергийн доьзал - $4,85 млрд (2017-чу шарахь церан бахам бара $4,2 млрд).
КхоалгIа меттиг дIалоцуш ву IPG Photonics компанин куьйгалхо Гапонцев Валентин а, цу компанин инвестор волу цуьнан кIант Денис а. ГапонцевгIеран ду 3,14 миллиард доллар.
Нохчийчуьрчу БажаевгIеран доьзало дIалоцуш ю 8-гIа меттиг - $1,41 млрд. Кху тIаьхьарчу шарахь церан бахам лахбелла 40 миллион долларна. И бахьана долуш БажаевгIара йитина Forbes-ан рейтингехь 2017-чу шарахь дIалоцуш хилла 7-гIа меттиг.
