Нохчийчоьнан дозанаш билгалдахар тIедожийна Кадыровс
Комиссино гулдийр ду доза билгалдоккхуш дIахьочу балхана оьшу документаш а, материалаш а. Царна анализ ян декхарелахь а бу комиссин декъашхой. Доза билгалдоккхур долуш ду, Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца а догIуш.
Комиссина куьйгалла дар тIедиллина Кадыровс меттигерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна. Цуьнца цу балхана терго йир ю Iедалан куьйгалхочо Хучиев Муслима а.
Комиссин куьйгалхочуьнан когаметта хIоттийна Кадыровс шен администрацин куьйгалхо Израйилов Iабдулкахир. Цуьнан декъашхошна юкъахь ву республикера муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа.
