Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Оьрсийчохь уггаре хьал долу доьзал бу ГуцериевгIар - Forbes

0
Forbes (Форбс) журнало арахецна хIора шарахь ша хIоттош йолу Оьрсийчуьрчу уггаре хаьл долчу доьзалийн рейтинг. Цуьнца а догIуш хьалхарчу меттехь бу цхьаьнатоьхначу бахаман барам 5,97 миллиард доллар болу Гуцериев Минкаил коьртехь волу доьзал. Буьйцурш бу «Сафмар» тобанан долахой Гуцериев Михаил а, Гуцериев Саит-Салам а, «Фортеинвестан» инарлин директор Гуцериев СаьIид а, «М.видеон» инарлин директор Ужахов Билан а.  


Стохка хиллачуьнца буьстича, церан бахаман терахь лахделла 3,94 миллиард долларна. Форбсан рейтингана юкъарваьлла Гуцериевн йишин кIант Шишханов Микаил. Цуьнан Бинбанк пачхьалкхан дола яьлла.


ШолгIачу меттехь бу Ротенбергийн доьзал - $4,85 млрд (2017-чу шарахь церан бахам бара $4,2 млрд).  


КхоалгIа меттиг дIалоцуш ву IPG Photonics компанин куьйгалхо Гапонцев Валентин  а, цу компанин инвестор волу цуьнан кIант Денис а.  ГапонцевгIеран ду 3,14 миллиард доллар.


Нохчийчуьрчу БажаевгIеран доьзало дIалоцуш ю 8-гIа меттиг - $1,41 млрд. Кху тIаьхьарчу шарахь церан бахам лахбелла 40 миллион долларна. И бахьана долуш БажаевгIара йитина Forbes-ан рейтингехь 2017-чу шарахь дIалоцуш хилла 7-гIа меттиг.


Нохчийчуьрчу БажаевгIеран доьзало дIалоцуш ю 8-гIа меттиг - $1,41 млрд. Кху тIаьхьарчу шарахь церан бахам лахбелла 40 миллион долларна. И бахьана долуш БажаевгIара йитина Forbes-ан рейтингехь 2017-чу шарахь дIалоцуш хилла 7-гIа меттиг.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса