Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Каримов: Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанца доьзна къийсарш дац

0
Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъахь доза бахьана долуш цхьа а къийсарш дац аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Каримов Iаьльвис. Цунах лаьцна хаам бо "Эхо Москвы" радион сайто.


Каримовс дийцарехь,"контртерроран операцин раж лаьттина зона юхаметторан могIарера болх бу беш" Кадыровс кхоьллинчу комиссино беш берг.


Хьалхо хаам бина ма хиллара, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана указ тIеэцна, республикан административан дозанаш билгалдохуш кхолладелла хаттарш кхочуш дан комисси кхоллар хьокъехь. Цунах лаьцна документ арахецна Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнан администрацин а, Iедалан а сайта тIехь, хаам бо "Грозный-информ" агенталло.


Комиссино гулдийр ду доза билгалдоккхуш дIахьочу балхана оьшу документаш а, материалаш а. Царна анализ ян декхарелахь а бу комиссин декъашхой. Доза билгалдоккхур долуш ду, Оьрсийчоьнан Федерацин низамашца  а догIуш.


Комиссина куьйгалла дар тIедиллина Кадыровс меттигерчу парламентан спикерна Даудов Мохьмадна. Цуьнца цу балхана терго йир ю Iедалан куьйгалхочо Хучиев Муслима а.


Комиссин куьйгалхочуьнан когаметта хIоттийна Кадыровс шен администрацин куьйгалхо Израйилов Iабдулкахир. Цуьнан декъашхошна юкъахь ву республикера муфтий Межиев Салахь-Хьаьжа.



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса