Добавить новость
ru24.net
World News in Chechen
Сентябрь
2018

Къевлинчу роже даьккхина Титиевн гIуллакх листар

0
"Меориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх листар къевлинчу роже даьккхина еарин дийнахь Шеларчу кIоштан кхело. И сацам бина суьдхочо прокуроран дехарца.


Цуьнца цхьана, цхьамогIа полисхоша тоьшаллаш дина тов листар схьайиллинчу рожехь а долуш. Цу хенахь прокурор дуьхьал вацра.


Титиев лаьцна полицин белхахоша, цуьнан машенчохь наркотикаш карийна аьлла. Бакъонашларъярхочо уьш полисхоша тесна ю боху шена.


Дуьненаюкъарчу бакъонашларяън вовшахтохараллан тIедожорца дехар дина Iедалшка, Титиев маьршаваккха аьлла. 



Moscow.media
Частные объявления сегодня





Rss.plus
















Музыкальные новости




























Спорт в России и мире

Новости спорта


Новости тенниса